Дуьнена юккъера ненан меттан де

24.02.2022

Вай дуьненчу девлча, дуьне довза доладелча, вайна гонаха дуьххьара хезаш берг ненан мотт бу. Цу маттахь берана хеза ненан к1еда, аьхна дешнаш, дуьхьала дош дало берана ца хаахь а, деладаларца гойту цо шена цунах кхетар. «Алал, хьоменаг»- бохуш нанас 1амадо дуьххьарлера дешнаш. Ма хазахетарца олу беро и дуьххьарлера, ненан дагна тамехь дешнаш. Нанас 1амадо бера нохчийн маттахь шен ойла даше ерзаян.Кху доккхачу дуьненахь бац аьлла хета суна адамийн маттах ненан мотт олуш. Амма олу иза нохчийн маттах.